
Лераме Мехкада Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Тахана Нохчийчохь дезде ду – дерриге а халкъо билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де. Иза хьан беркат ду. И де хIора шарахь даздеш ду. Хьо нохчийн мехкан а, меттан а, нохчийн культурин а тешаме гIарол ву. Ахь кIад ца луш доладо нохчийн къомана а, цуьнан гIиллакх-оьздангаллина.
Къизачу тIеман балех нохчийн къам кIелхьарадаккха орцахваьллачу сийлахьчу Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) ша мехкан куьйгалхо хаьржича, дуьххьара динчу гIуллакхех цхьаъ дара нохчийн маттахь арадолучу “Даймохк” газетан а, “Орга” журналан а болх меттахIоттор, ишколашкахь, институташкахь нохчийн мотт а, литература а хьехар дIадолор.
ХIетахь Ахьмад-Хьаьжас аьлла ду хIара дешнаш: “Нохчийн къам дехаш хиларан мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт”. И дешнаш гуттаренна а дисна вайн къоман иэсехь.
Нохчийн меттан дитто кIорга орамаш тесна Кавказан лаьттахь. Дуьненахь а бевзаш болчу Iилманчаша дийцарехь, нохчийн мотт лаьтта тIехь дуьххьара хиллачу цивилизацешкахь бийцинчу меттанех цхьаъ бу. ХIетахь дуьйна дIадевлла эзарнаш шераш. Амма нохчийн мотт дIа а ца баьлла, дIа а ца ийна кхечу меттанех. Иштта иза бисна, и мотт буьйцучу , хуучу наха Iалашбина дела. Амма ша-шех нислуш хIумма а дац дуьненахь, цхьана наха кхочуш ца дича.
Тхан лераме Мехкада Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ахь хаддаза доладеш цкъа а ца хиллачу кепара кхуьуш бу нохчийн мотт а, нохчийн литература а. Арахоьцуш ду нохчийн гIарабевллачу яздархойн жайнаш. Хьалакхуьуш бу къона яздархой, Iилманчаш. Яккхийчу тиражашца арахоьцуш ю церан говзарш, нохчийн мотт толлуш язбина Iилманан белхаш, тайп-тайпана дошамаш. Нохчийн мотт берийн бошмашкахь, ишколашкахь, дешаран массо хьукматашкахь хьехар, Iамор дийнера де мел дели талуш дIадоьдуш ду.
Доккха хазахетар хилла массо а стагана хIара ши эзар ткъе кхоалгIа шо Нохчийн меттан шо ду аьлла дIакхайкхор а. Цуьнца доьзна дуккха а гIуллакхаш ду вайн махкахь дIахьош.
Дела реза хийла хьуна, лераме Мехкада. Хьуна дика хаьа, вайн къоман хилларг а, хиндерг а Нохчийн маттаца доьзна дуйла. Дала шен доьхьа лорийла ахь вайн махкахь мел дешдолу дика гIуллакхаш. Дала Iалашвойла хьо!